Статьи

Подписаться на RSS

Популярные теги Все теги

Хьехархой биц ца бо!

        Хьехархойн дезачу дийнахь, 5-чу октябрехь, 1уьйрана соьга з1е етта Лаха-Неврерчу №3 йолчу юккъерачу школан куьйгалхочо Ирасханова Лайла Куьриевнас, Хьамзат хьо школе ван йиш хир ярий-те, бохуш. Со школе воьду, цуьнан кабинет чохь ву нохчийн меттан хьехархо Хамидов Мохьмад а, къона хьехархо Эльмурзаев Сухраб а, 5"а" классера дешархой Мамакаева Асет, Ирасханов 1ийса а. Лайлаа боху соьга: "Вайн дайн-нанойн комитетан куьйгалхо хьо хиларе терра, хьоьх дага яла лаьа суна. Х1окху школерачу баккхийчу хьехархойх дага яьлла со, цара ч1ог1а къобал дин ас бохург, х1инца хьоьх дага йолу со. Школера цхьацца бахьнашца цомгуш болуш, заь1анхой хьехархой бу тхан школехь болх бина, уьш верриге а 10 стаг ву: 

Юсупов Хаваж-инвалид I-ра групп,

Такаев Амхьад-иштта инвалид I-ра групп,

Кагаева Медент-инвалид II-г1а групп, иштта баккхий а хилла ц1ахь севцца хьехархой а бу тхан Магамедхаджиева Хансаъ, Дадаева Аминат, Ахмадова Шема, Такаева Роза, Юсупова Яхийта, Махтиев Султан, х1инцца операци йина Давдиева Лиза Мовладовна а. Уьш таханлера хьехархойн дезачу денца декъал а беш, царна цхьацца совг1ат а, грамоташ а луш чекхдовла лаара суна. Хьуна муха хета? Со чог1а цецваьккхина цо. Суна цкъа а, цхьана а меттехь дуьйцу хезна х1ума дацара Лайлаа бохуш дерг, суна схьахетарехь х1окху ерриге а республикехь, цхьана куьйгалхочо дина х1ума а дац, аьлла а хета суна и г1уллакх. Шен чоьтах эцна хаза совг1аташ а, кечйина грамоташ а яра Лайлаа суна гойтуш. Со ч1ог1а реза хилира цо бохучунна, хьуна г1о-накъосталла оьший, аьлла ас хаьттича, цо элира, ца оьшу, ас цхьанне а хьехархочуьнга а ца дайтина сайна накъосталла, х1орш д1айоькъуш хьо суна а, сан накъосташна а юххехь хилча хьана. Эльмурзаев Сухрабан машенахь х1оранна чу а доьлхуш, хьехархой декъал а беш, и совг1аташ а, сийлаллийн грамоташ а д1а а луш, тхо чекхдевлира.

         Ас сайгара декъалбо массо а хьехархой церан профессональни дезчу денца. Дала аьтто бойла шу шайн халчу балхат1ехь тхан хьоме хьехархой!

                                                           Ларамца дайн-нанойн комитетан куьйгалхо

                                                           Лаха-Неврера №3 йолчу юккъерчу школан.

                                                            Якубов Хьамзат  05.10.2013 шо.