Статьи

Подписаться на RSS

Популярные теги Все теги

Х.М.Я

       

«1аьржа де»

Кхушара кхузткъе итт шо кхочу нохчашний, г1алг1ашний и «1аьржа де» т1ех1оьттина. Хан чехка йолу, масех т1аьхье хийцаелла цул т1аьхьа, делахь а нохчашна и де диц ца ло, дицлур а дац, х1унда аьлча, цхьана т1аьхьенера, вукха т1аьхьене а долуш, дуьйцуш схьадог1уш ду и де. Оцу дийнахь, Ц1ечу эскаран 26 шо кхочу дийнахь, оцу боьдуш болчу муьрчу т1амера салтий а, эпсарш а баьхна, бежний лелочу вагонаш чу а боьттина, юккъерачу Азий, Сибрех а д1абигна нохчий а, г1алг1ай а. Лаьмнашкахь машенаш ца кхачалучера «Хьайбах» юьрта схьа а гулбина, цхьана божлий чу а боьхкина, ц1е а латийна, багийна 700 стаг. Царна юкъахь хилла къена божарий, зударий, кегий зударий а, бераш а. Кхойтта шо даьккхина нохчаша а, г1алг1аша а ц1абахка йиш йоцуш. Х1окху Кавказе, кхуьнан 1аламе сатуьйсуш дукха адам делла вай цу юккъерачу Азех. (царна массарна а Дала гечдойла). Оцу денна лерина дуккха а яздархоша яздина дийцарш а ду, х1иттийна пьесаш а ю. Х1инца вай дохадарна лерина мероприятеш ю д1акхоьхьуш массо а школехь. Тхан школехь а яра цу денна лерина мероприяти. 22 февралехь Лаха-Неврера №3 йолчу школехь Хасбулатова Пет1амата куьйгалла дечу 6»а» классо х1оттийна «Восставшие из пепла» ц1е йолу литературин-музыкальни композици. Оцу композицехь дакъа лоцуш цу классера массо а дешархой бара. Шахабов Муслима йийцира Зураа Висаитовас язйина йолу «Нохчо ву со!» ц1е йолу стихотворени. Йолх1алг1ачу классо х1оттийна йолу композици чекхъелира Нохчийн Республикан гимн лакхарца. Шолг1а композици х1оттийра Сулейманова Марьяма куьйгалла дечу 3»б» классера дешархоша. Ч1ог1а исбаьхьа чекхъелира цара кечйина йолу композици. Актовый зал юьззина яра школера дешархойх а, хьехархойх а, баьхкинчу хьешех а.

Хьешашна юкъахь бара РДК-ра белхалой: Дзугаев Казбек а, Такаева Сима а, Такаева Маьхкаржай а, Умарова Хадижа а, к1оштан берийн библиотекан куьйгалхо Шахабова Зулихан а.

Баьхкинчу хьешаша лаккхара мах хадийра бераш кечйинчу композицин.