Статьи

Подписаться на RSS

Популярные теги Все теги

"Дахар атта ду хадо"

Тахана, ткъе цхьайтталг1ачу октябрехь, Лаха-Неврерчу сийлаллин ц1а чохь (РДК) цхьанакхетарш хилара юьртарчу кегийчу нахаца. Такаева Симас шен белхалошца кечйинчу сценарица д1адаьхьара и вовшахкхетар. Цига кхайкхина бара к1оштара администрацехь болх беш волу Альтемиров Вахид Вахаевич, Абдулаева Аминат С-Ахмедовна, Лаха-Неврера нуьцкъаллин структуран белхалош участковый болх беш волу Исханов Идрис Ихванович, кегийчу нехан белхан г1уллакхаш д1акхоьхьуш йолу Макаева Разят Дешиевна, кхаа школера хьехархой: Дикаев Магомед Хасанович, Лаха-Неврера №1 йолчу школера, Дениев Руслан, Сакиев Арби, Лаха-Неврера №2 йолчу школера хьехархой, Абазова Медна, Хамидов Магомед №3 йолчу школера а. Иштта цига кхайкханера к1оштан больницехь нарколог болх беш волу Кацаев Имран а, юьртан къедан г1оьнча Асуханов Ибрех1ам а.

       Цхьанакхетарш схьадоьллуш йист хилира Такаева Сима, маршалла а хоттуш, цо довзийтира х1ун 1алашо ю тахана вовшахкхетар. Уггар а адамаллин маьттаза долу х1ума сийсаз дар ду тахана дуьйцур дерг. Уггар хьалха вистхилира участкови болх беш волу Исханов Идрис, цо шен вистхиларехь довзийтира, юьртахь а, к1оштахь а х1оьттина хьал. Зал чохь гулбеллачу юьртарчу кегийчу наха а, кхаи школера лакхарчу классера дешархоша а, лерина ладуьйг1ира к1оштан больницера веанчу наркологе Кациев 1имране. Цул т1аьхьа вистхилира нохчийн меттан а, литературан а хьехархо Хамидов Мохьмад. Цо шен вистхиларехь элира цу "наркотикаш" деш долу зенаш а, зуламаш а, цо бойуш болу кегий нах а, маьхкарий а. Кар-кара а оьцуш оцу зуламех лаьцна дийцира хьехархочо Дикаев Мохьмада а, юьртан къедан г1оьнча волчу Асуханов Ибрех1ама а.

    Цхьанакхетар дерзийра Каратушин автор а волуш, х1оттийна спектаклан декъо. "Висахь тхоьца, тхан к1ант, Ахьмад" ц1е йолу спектаклан дакъа х1оттийнарш бара:

 Де - роль ловзийнарг Лакха-Неврера школехь болх беш волу хьехархо, Махаев Мас1уд Усманович,                               Нана - роль ловзийнарг Эльмурзаева Иман, Лаха-Неврера №3 йолчу школера дешархо.

К1ант - роль ловзийнарг Такаев Адам, №1 йолчу школера дешархо. Цу т1ехь цхьанакхетарш д1адерзийра.

 

                                                                                               Хамидов Магомед якубович, №3 йолчу школера

                                                                                               нохчийн меттан а, литературан а хьехархо.