Статьи

Подписаться на RSS

Популярные теги Все теги

Дешархойн къовсадалар (олимпиада)

Надтеречный к1оштан хьехархойн куьйгалхочун омарца массо а школехь д1ах1ош ю предметан олимпиадаш. Лаха-Неврерчу юккъерачу №3 йолчу школехь д1аяьхьира 5-чуй, 6-чуй классашкахь нохчийн меттан а, литературан а къовсадаларш. 5-чу классашкахь дакъалоцуш ялх дешархо вара. Цу къовсаршкахь I-ра меттиг яьккхира 5"Б" классера дешархочо Азамова Элинас, II-меттиг яьккхира 5"Б" классера Цумаева Мадинас, III-г1а  меттиг бийкъира 5"А" классера дешархоша Махмудова Раянассий, Тарамова Фаризассий.

  Церан къовсарш кечдинарш а, д1адаьхьнарг а вара нохчийн меттан хьехархо Хамидов Мохьмад. Йолхалг1ачу классашкахь а хилира нохчийн меттан а, литературан а олимпиада, и д1аяьхьнарг яра къона хьехархо Аматиева Зарема. Цигахь I-меттиг яьккхира Оккаева Аминас - 6"А" классера дешархочо, II-меттиг яьккхира Абдулкутузова Радимас 6"А" классера дешархочо, III-меттиг бийкъира 6"Б" классера дешархоша Уматгириева Хедассий, Самбиева Алетассий.  

                  

                                                            Лаха-Неврера №3 йолчу школера хьехархо Хамидов Мохьмад.