Новости

Х.М.Я

Российски Конституцин – 20 шо!

 

Вай х1инца болх беш йолчу Российски Конституцин 20 шо кхочу 12 декабрехь. Ерриг Россехь дехаш мел долу къаьмнаш ду оцу дийнахь и де даздан кечделла. Вайн нохчийн республика а ю,шен бакхий кхиамашца,и де даздан кечъелла. Цхьа эзар исс б1е вуьрх1итталг1ачу шарахь паччахьан режим йоха йина, д1ах1оьттина Советан 1едал Ленина куьйгалла а деш. Цу 1едало 1918-чу июль баттахь т1еэцна  Конституци, цунах «Ленински» Конституци олуш хилла. Шолг1а Конституци т1еэцна 1924-чу шеран 31-чу январехь. 5-чу декабрехь 1936-чу шарахь т1еэцна йолу «Сталински» Конституци араяьлла 1937-чу шарахь.

1977-чу шеран 7 октябрехь т1еэцна йолу «Брежневски» Конституци араяьлла 1978 шарахь.

    Ткъа х1инца болх беш йолу Конституци дерриге а халкъо референдум йина т1еэцна  конституци ю. Везачу Дала барт, машар, нийсо лойла вайна.

 

 

                                                                         Лаха-Неврерчу №3 йолчу юккъерачу

                                                                         школан нохчийн меттан а, литературан

                                                                         а хьехархо  Хамидов Мохьмад.