Новости

Къовсадаларан (олимпиадин) жам1аш.

Х1окху ноябрехь Надтеречни к1оштахь дешархошна юкъахь д1адаьхьара къовсадаларш (олимпиадаш) коьртачу предметашна. Оцу къовсадаларшкахь жигара дакъа лецира Лаха-Неврерче №3 йолчу юккъерачу школан дешархоша. Дакъа лаьцна а ца 1аш, совг1аташ меттигаш а ехира тхан дешархоша:

  9"А" классера Нунаева Имана II-меттиг яьккхира оьрсийн меттан къовсарехь 

  11"Б" классера Селимханова Марьяма II-меттиг яьккхира оьрсийн литературан къовсарехь 

  11"А" классера Ликаева Залваа II-меттиг яьккхира нохчийн меттан къовсарехь

  11"Б" классера Джабраилова Амината II-меттиг яьккхира обществознанин къовсарехь

  11"А" классера Раисов Ильяса III-меттиг яьккхира государство и право къовсарехь

  11"А" классера Бураханова Пет1имата II-меттиг яьккхира химин къовсарехь

  11"А" классера Даудова Пет1амата III-меттиг яьккхира биологин къовсарехь

  11"Б" классера Джабраилова Амината III-меттиг яьккхира географин къовсарехь

  9"А" классера Абдулазиева Меднас I-меттиг

  10"Б" классера Яхъяева Заремас I-меттиг

  9"А" классера Абдулхаджиев Ислама II-меттиг

  11"Б" классера Довлетукаев Сайд-Эмис III-меттиг

И тайпа меттигаш ехира физкультуран къовсаршкахь.

  

   Юкъара школан линейкехь совг1аташ а, сийлаллин грамоташца билгалбехира и меттигаш яьхна дешархой.