Новости

телеграмма-ткъес!

Лаха-Неврерчу юккъерчу №3 йолчу школера куьйгалхочо Ирасханова Лайла Куьриевнас а, цу школера хьехархоша а, дешархоша а даггара винчу денца декъал во вайн республикан куьйгалхо, Рамзан Ахматович Кадыров винчу денца! Тхан хьоме Рамзан! Везачу Дала декъалвойла хьо, винчу денца, тахана санна къона а, хаза а, т1ехъяаьлла хуьлда массо а хенахь. Тахана санна халкъана муьт1ахь а волуш, хьайн доьзалан вон ца гуш, доьзална хьан вон ца гуш ирсе дахар хуьлда хьан! Дуккха а вехийла хьо тхуна а, хьайн нанна, Айманина а, хьайн доьзална а.  

      Лаха-Неврера №3 йолчу юккъера школан хьехархоша а, дешархоша а, куьйгалхочо Ирасханова Лайла Куьриевнас  а даггара винчу денца декъалво физкультуран а, трудан а хьехархо Дениев Супайн Хож-Ахмедович.

Супайн, хьайн дахарехь де-дийне мел долу къонлуш, хьайн доьзалан вон ца гуш, доьзалина хьан вон ца гуш ирсе дахар хуьлда хьан!  

 

    

        Хьоме хьехархой! 

            Лаха-Неврерчу юккъерачу школан куьйгалхочо Ирасханова Лайла Куьриевнас а, цуьнан школера хьехархоша а, дешархоша даггара декъал бо к1оштара а, махкара а хьехархон церан профессиональни дезачу денца-хьехархойн денца! 

     Ларема хьехархой! Дала декъал дойла шу шайн профессиональни дезачу денца-хьехархойн денца. Везачу Дала иман, собар, ницкъ, хьуьнар а лойла шуна шайн халачу балха т1ехь. Уггара коьрта, аш бохург а деш муьт1ахь дешархой лойла шуна Дала.

                                              

                                                                                 Лаха-Неврера №3 йолчу юккъерачу школера хьехархой а,

                                                                                 церан куьйгалхо Ирасханова Л.К.