Новости

Хьехархойн куьйгалхо

Хьехархойн куьйгалхо 

 

Кестта т1екхочуш ду хьехархойн деза де. Х1ора шарахь, 5-чу октябрехь, даздо "Хьехархойн де". Оцу дийнахь дуьнен чу ваьлла вайн республикан куьйгалхо волу Рамзан Ахматович Кадыров. Лаха-Неврерчу №3 йолчу школера хьехархойн ц1арахь, сайн ц1арахь а даггара декъал во Рамзан Ахматович, тахана санна къона а, хаза а ,доьналла долуш а лаьттийла хьо тхуна,Рамзан Ахматович. Цуьнцан цхьаьна Надтеречнин к1оштан хьехархойн куьйгалхо йолу Закаева Айшат Сайпудиновна а, декъалйо оха т1едог1учу "Хьехархойн денца". Айшат Сайпудиновна лаьцна масех дош ала лаара суна. Айшат Сайпудиновна Орехово-Зуевски Хьехархойн институт чекхъяьккхинчул т1аьхьа ша йинчу Ч1улг-Юьрта схьа а еана, хьехархойн балха яхара. Цул т1аьхьа , Ч1улга-Юьртара №3 йолчу школан куьйгалхо а х1оттийра иза. Заманал хьалха кхелхинчу Асабаев Шамиль д1аваьлча (цунна Дала гечдойла) Надтеречни к1оштан хьехархойн куьйгалхо д1ах1оттийра Айшат Сайпудиновна. Х1ара итт шо зама ю цо оцу даржехь болх бен. И дарж цуьнга кхаьчна мур х1окху республикехь уггар хала мур буй те аьлла бара. Йохийна 1уьллуш яра ерриг республикера г1аланаш а, ярташ. Делахь вайн республикан куьйгалхочун кхайкхамца, шен к1оштара хьехархошна хьалха ялла, туьйранахь дуьйцу къовкъаршна юкхара г1аьттина "Феникс" олхазар санна г1оттуш йолчу республикехь жигара дакъа лецира Айшат Сайпудиновнас а, цо куьйгалла деш болу хьехархоша а. Ханна воккханиг дашца ир-кара х1оттош, жиманиг шен масаллица г1аттош, шена куьйгалхоша т1едиллина декхар кхочуш деш схьаеира Айшат Сайдудиновна. Со а, кхин болу божарий а цецбовлура цуьнгахь долчу хьуьнарх.Х1окху халачу заманахь дуккха а кхиамаш баьхна Айшата  куьйгалла деш болчу школшкахь болх бече хьехархоша а. Х1ара сайн дош дерзош, сун ала лаара х1окху вайн махкахь мел волу хьехархо декъал а веш. Оцу везачу Дала декъал дойла шу, хьехархой, шайн белхан дезачу даьнца. Дала и болх бан могшалла а, хьуьнар а лойла шуна. Шайн доьзалан вон ца гуш, доьзаллина шу вон цо гуш, ирсе дахар хуьлда шун. Айшат Сайпудиновна, хьо а, хьан аппарат а декъалйо т1едог1учу "Хьехархойн денца" Лаха-Неврерчу №3 йолчу школан куьйгалхочу Ирасханова Лайла Кюриевнас а, цуьнан школера хьехархоша а. Дала и болх д1акхехьа могшалла а, хуьнар а лойла шуна.

 

 

 

 

                                                                   Хамидов Магомед Якубович

                                                                   Лаха-Неврерчу №3 йолчу

                                                                   школан нохчийн меттан а,

                                                                   литературан а хьехархо.