Новости

Нохчийн зудчунна лерина дезачу денца


 

Гуьйренан хазачу дийнахь Лаха-Неврерачу сийлаллин ц1ийнах цхьаьнакхетар хилар вайн республикан куьйгалхочо Рамзан Ахматовича шен омарца даздешдолу нохчийн зудчунна лерина деза де даздеш. Х1ара доьалг1а шо ду 2009 шеран 2-чу сентябрехь дуьйна и де вайн республикехь даздеш долу. РДК-н йоккхачу зал чохь гулбеллера Лаха-Неврера кхан школера белхалой а, дешархой а, лоьраш а, юьртахой а. Вовшахкхетаран программа д1ахьош йолчу Джамбекова Марияс хаийтира гулбелчарна и дезде маца, муха юкъадаьлла хиларх. Зударий декъалбеш вистхилира №2 йолчу школан организатор Сакиев Арби Аптиевич. Т1аккха дош делира нохчийн меттан а, литературан а №3 йолчу школера хьехархочун Хамидов Мохьмадана. Цо элира: хьалхалерачу заманахь зударийн бакъонаш ца хилла кхерча гонах хьийзаран бен, ткъа х1инца зударийн божарийн бакъонаш цхьана экъан т1аьхь ю.

Дагалоцур вай Арсанова Пет1амата, нийсонехьа шен са д1аделла йолу, цунах лаьцна поэтан а язйина Билал Саидовс "Йиша-т1емало" ц1е йолун х1окху вайн республикехь массо а з1аь1ан, цомгуш нахана г1о деш йолу Аймани Кадырова. Вай дохийначу хенахь массера а дог-йола Г1аттош хилла пондарча Марьям Айдамирова. 

 Вайн к1оштан а бу зударийн-куьйгалхой:

Закаева !айшат Сайпуддиновна, Ахметханова Бирлант Шамханова, Такаева Сима.

 Вайн юьртахь шина школан куьйгалхой бу Ирасханова Лайла Кюраевна, Лорсанова Ану Ахмедовна, Тарамова Малика -библиотекан куьйгалхо.

 Массо а белхашкахь хьаннал къахьоьгуш бу зударийн. Шен дош дерзош Мохьмада декъалбира зударийн шайн дезачу денца.

 Вовшахкхетар чекхдолуш Лаха-Неврачу кхаа школера дешархоша а, сийлаллийчу ц1ийнан белхалоша йоккха концерт елира.

 

                                                       Хамидов Магомед якубович

                                                       Лаха-неврарчу №3 йолчу юккъерчу школан

                                                       нохчийн меттан а, литературан а хьехархо.