Новости

Керлачу дешаран шарца!

Т1екхечи рог1ера дешаран керла шо.

Ерриге а Россехь санна, тхан школехь а хилира «Хаарийн денна» лерина торжественни линейка. Ч1ог1а хаза кечйина яра школан уьйт1е. Д1аоьхкина дара кхаа тайпа дуьйсина лоппалгаш, к1айн, сийна, ц1ен басахь. Хьалайба кечйина яра России, Нохчийчоьнан байракхаш. Гулбеллера дуьххьара школе боьлхуш болу дешархой а, церан дайш-наной а, цхьайтталг1а классера дешархой а, хьалхарчу классера дешархой а, хьехархой а. Тхан школе линейке иштта баьхкинера хьеший: администрацин белхалой Ахметханова Лайлаъ, Ахметханов Ахьмад а, «Теркйист» газетан корреспондент Саидов Мохьмад, хила хьакъволу сийлаллин культуран белхало Дзугаев Альсбек а.

Торжественни линейка, хьалхарчу сентябрехь, «Хаарийн денна» лерина йолу д1айолийра 11-чу классера дешархоша Нунаева Имана а, Абдулазиева Имана а. Цара уггаре хьалха декъалбо массо а дешархой а, хьехархой а, т1екхаьчначу керлачу дешаран шарца, т1аккха дош ло дуьххьара школе бог1учу 1-чу классера дешархошна, уьш кечбинарш бара хьехархой Базакова Лайла Имрановна а, Джабраилова Эльза Нурдиевна а. Росси пачхьалкхан а, Нохчийн республикан байракхаш хьалайба бакъо елира 11-чу классера дешархошна Сулейманова Хьавана а, Абдулкутузова Хьавана а. Т1аккха дош делира Лаха-Неврера юккъерачу школан куьйгалхочунна Ирасханова Лайла Кюраевна, цо моллига до1а а дойтуш декъалбира дуьххьара школе бог1уш болу дешархой а, шен накъостий хьехархой а т1едеанчу керлачу дешаран шарца. Цул т1аьхьа дош администрацин белхалочуьнга Ахметханов Ахьмадега делира. Цо дешархой а, хьехархой а декъалбинчул т1аьхьа боккха кхаъ баьккхира Нохчийн парламентан депутат волчу Ахметханов Султана даийтинчу совг1атца. И совг1ат дара Лайла Кюраевна парламентан ц1арах яийтина сийлаллин грамота а, шен седа а болуш. Ерриге а коллективана а боккха кхаъ хилира цунах.

Лайла Кюраевнас баркалла а олуш элира х1ара совг1ат суна сайна хилла ца 1а, х1ара ерриге а коллектив ларар ду аьлла. Дуьххьара школе вог1учу дешархочун нанас Удаева Розас дош аьллачул т1аьхьа, Россин пачхьалкхан гимн а, Нохчийн республикан гимн а олуш, байракхаш охьаяхийта бакъо елира 11-чу классера дешархошна Абдулкутузов Денина а, Дикаева Асетана а.

Цу т1ехь «Хаарийн денна» лерина йолу линейка чекхелира. Дешархой шайн-шайн класс чубахара 1илма 1амо.



Лаха-Неврера №3 йолчу школан нохчийн меттан а, литературан а хила хьакъ волу хьехархо Хамидов Магомед Якубович.